Лаьмнаша ца дицдо [Магомет Абуевич Сулаев] (fb2) читать постранично, страница - 2


 [Настройки текста]  [Cбросить фильтры]

даьккхинчу хенахь нохчийн йоза лелаш дацара, нохчийн маттахь зорбатохар дихкина дара. 1944 — 1955-чу шерашкахь лаьттира и харцо. Казахстанехь Алма-Ата-гIалахь 1955-чу шеран 9-чу июнехь арахеца долийра нохчийн маттахь «Къинхьегаман байракх» газет, цу тIехь зорбатухура нохчийн поэтийн стихаш, прозаикийн кегийра произведенеш. Сулаев Мохьмадан «Гила», «ТIамна дуьхьал», кхийолу стихотворенеш а арайевлира «Къинхьегаман байракх» газета тIехь.

Нохч-ГIалгIайн республика йухаметтахIоттийча, 11957-чу шарахь Даймахка цIа а веана, боккхачу айамца болх бо Сулаев Мохьмада исбаьхьаллин литературехь.

Республикин газеташ тIехь, радиохь, «Орга» альманаха тIехь арайовла йуьйлайелира цуьнан стихаш, очеркаш, дийцарш, критически статьяш. Сулаев Мохьмадан кхоллараллин дахарехь эвсара мур дIаболало I958 шарахь «Безаман эшарш» цIе йолу поэзин сборник арайаларца. Лирически стихаш йара книги тIехь, шайерш бохург санна. Царах дукхахйерш, композиторша мукъамаш а баьхна, эшаршка йирзира.

Сулаев Мохьмадан кхолларалла шен орамашца нохчийн фольклорах йозаелла йу. Йац къоман барта кхоллараллин сюжеташший, васташший цо шен произведенешка деккъа схьаоьцуш-м, халкъан произведенийн исбаьхьаллин мутт ду цуьнан поэзехь хаалург.

Поэтан «Сай» цIе йолу стихотворени, нохчийн барта кхоллараллин жовхIарех долу «Сай» илли дагадоуьйтуш, цуьнца йогIуш йу. Амма поэта шен стихотворенин маьIна, илли тIехь санна доцуш, кхечу aгIop дерзийна. Кхузахь коьртаниг адамалла, адамийн къинхетам бу. Iаламе, дийнаташка, адамашка, Дала мел кхоьллинчу хIумане хила йеза къинхетамалла йу.

Адамаллин тема Сулаев Мохьмадан поэзехь а, прозехь а коьртачарах йу. «Адамалла» цIе йолуш книга арайаьлла цуьнан. И цIе автора ларамаза ца тиллина книгина. Цу тIера дукхахйолу произведенеш нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллина лерина йу. Къинхетам, стогалла, доттагIалла, безам, хьошалла, ненан беркат, адамийн лерам, собар… — оцу къоман синмехаллийн ойлайо поэта. Царах лаьтташ йу къоман гIиллакх-оьздангалла, цара кхуллу адамалла, адамалла къоман гIиллакх-оьздангаллийн лаккхара тIегIа лору цо:

Вайн нана-лаьмнашкахь

Вайнаха уггар

Лаккхара лерина

Собар, стогалла,

Делахь а царел а

Лаккхара гуттар

Вайнаха ма лору

Бакъ адамалла!


Иштта бу поэтан лирически турпалхочун хьежамаш.

Сулаев Мохьмадан стихашкахь Даймахкаца йолу йукъаметтиг а йу цхьа шатайпана аьхна. Цуьнан лирически турпалхо, шена Даймохк дукхабеза, ша и боцуш мегар вац бохуш, кхайкхамаш беш вац. Цуьнан дагца, цуьнан ойланца, цуьнан бIьаьрхишца бу Даймохк:

— Вай динчу махкара

Къайллаха деана,

Хьуна ас безамна

XIapa зезаг лур ду.

— Схьа да и: сагатдеш

Вай динчу махкана,

Веллачу ден коше

Ас иза хьур ду…

— Вай динчу махка со

Вухавоьду кхана,

Хьоьгара безамна

ХIун хьуо ас, ала?

— Доьху хьоь, доттагIа:

Сан бIаьрхиш канахь

ДIахьолахь ахь цига,

Цхьа цинц ца Iанош.

Алссам поэтически книгаш арахецна Сулаев Мохьмада. Вай хьахозачарах йу «Даймехкан зIаьнарш» (1961), «Даг чуьра суйнаш» (1968), «Йовш йоцу цIе» (I970), «Бакъдерг» (1973), «Лаьттан бос» (1978), «Сирла суьйре» — хаьржинчу поэзин, прозин книга (1980), «Лаьмнаша ца дицдо» — роман, стихаш, поэмаш (I990). Оьрсийн маттахь Соьлжа — гIалахь а, Москвахь а арайийлина книгаш «Бой за солнце» (1970), «Чинар на скале» (1972), «Иду на зов» (1979), «Цвет планеты» (1982), «Орлиной тропой» (1987).

Сулаев Мохьмадан масех стихотворени йу, «ДоIа» цIе йолуш. Нохчийн дош «доIа» Iаьрбийн «дуIан» бохучу дашах схьадаьлла ду. Дехар, ламаз боху маьIна ду оцу дешан.

Йо, Дела! Цхьа шеко

Сан дагах лета:

Iожаллех цакхерар –

Цакхерар хьох хета!

Iожаллех тIех кхерар –

Цатешар хьох хета!

Нисвехьа нийссачу

Барамехь, Дела:

Ийманехь чIагIваллалц

Iожаллех ларвай,

Iожалла тIекхаччалц

Стогаллехь чIагIвай,

Кхачаве ахь тIаккха

Хьайн дикчу кхиэле.

Сулаев Мохьмад ийман долуш стаг хилла. Цуьнан лирически турпалхочо Деле доьху ша дикачу Iамалехь нисвар. Далла дуьхьал воьдуш, цIенчу ойланца, ийманехь чIагIвелла хила лаьа цунна.

Адамна, дийнатна, массо а са долчу хIуманна хьоме бу шен мохк, шен махкахь бен дац caпapгIaт дахар. И тема йух-йуха а керлачу исбаьхьаллин васташца гучуйуьйлу поэтан кхоллараллехь.

Сулаев Мохьмадан поэзехь йу йаккхий жанрашкахь йолу произведенеш а: «Лаьттан бос», «Винчу лаьттан цинц», «Дайн кешнашкахь», «ГIойтIарчу Чочех илли», кхийерш а.

Мехала йу Сулаев Мохьмадан проза а. Къаьсттина «Лаьмнаша ца дицдо» цIе йолу роман. 1966-чу шарахь Сулаев Мохьмада арахийцира «Тавсолта ломара дIавоьду» цIе йолу роман. Иза кхин а шорйеш, тоеш болх а бина, «Лаьмнаша ца дицдо» цIе а йолуш, йуха арахийцира I990-чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира иза 1992-чу шарахь «Горы молчат, но помнят» цIарца. Роман шен чуламца а, исбаьхьаллин башхаллашца а Iаламат мехала произведени йу. Нохчийн халкъан дахарехь уггар халчу муьрехь (1940–1960 шерашкахь) хилла адамийн кхолламаш гайтина романна тIехь. Къоман гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ Товсолтин вастаца ду.